Мадина Юсупова - Къойсина Ваькхина

Припев:
Хьоменаг, сан Ризван, хьо веза суна
Хьоьх ялахь ас х1ун де хууш яц со
Ас Деле доьхур ду ца къастор хьоьха
Мел ч1ог1а оьшу хьо кийрарчу дагна

I.
Массо а йо1аца къоьвсина ваьккхина
Хьомениг ва бохуш ас хийла хьистинарг
Ас цхьанне д1алур вац дуьнент1ехь мел еха
Са цхьаъ бен воцуриг, ас бохуш ларвинарг

Припев x1

II.
Деттало кийрар дог, шатайпа ловзуш
Хьан ц1ераш йоху цо хьо веза бохуш
Хилалахь хьоменаг сан дагах кхеташ
Со еза алий хьаста сан дог

Припев x1

III.
Хьан хаза и хьежар диц ца ло суна
Ахь олу хаза дош совг1ат ду дагна
Волахьа кхачахьа хьой везачунна
Ас доггах ларвийр ву хьо веза дела

Припев x1

Sist endret 24. juli 2021