Макка Межиева - Айъа той

Дикчу к1ентан сий а деш
Массо дог1маш айъа деш
Боккхур бу вай хелхар бал
Екаеш х1ар ловзар зал
Тахналерачу дийнахь
Хьоьгуш ваьхнехь дац х1умма
Даггахь хиларг кхочушдеш
Гулделла хьан х1усамехь
Даггахь хиларг кхочушдеш
Гулделла хьан х1усамехь

Айъа той, айъа той
Дикчу к1ентан мерза той
Хьо вахарца ирсе вой
Вахалахь, к1ант, безамца
Айъа той, айъа той
Дайн г1илкхашца вуцалой
Хьай ден - ненан ирсан нур,
Айъа белахь сийна к1ур.
Хьай ден - ненан ирсан нур,
Айъа белахь сийна к1ур.

Хьан доттаг1ий, нийсархой
Баьхкин к1ентан айъа той
Дела реза хуьлда царна
Шаьш бехачу массо ханна
Айъа делаш сийлахь той
Гергар лераш, хьовсархой
Боккхуш тахна хелхар бал
Екаеш вайн ловзар зал.
Боккхуш тахна хелхар бал
Екаеш вайн ловзар зал.

Айъа той, айъа той
Дикчу к1ентан мерза той
Хьо вахарца ирсе вой
Вахалахь, к1ант, безамца
Айъа той, айъа той
Дайн г1илкхашца вуцалой
Хьай ден - ненан ирсан нур,
Айъа белахь сийна к1ур.
Хьай ден - ненан ирсан нур,
Айъа белахь сийна к1ур.

Sist endret 24. juli 2021