Тоита Довтукаева - Зубайр

Припев:
Делара зезаг хьо, б1аьстенан зезаг
Безамца даьккхина сайн дагца лело
Со санна кхин цхьа а хир яц хьо везаш цкъа
Ма хьежа ма хьежа кхечаьрга г1ийла д1а

I.
Хьан б1аьргаш гича, со 1ехало
Хаза дош аьлча, дог делало
Сил ч1ог1а сайна, везарна хьо
Лур дара даьккхина, кийрара дог

Припев x2

II.
Тахана тахана, хьо винчу денца
Декъал во декъал во, лоруш хьо эшарна
Хьан во ма гойла, хьомениг тхуна цкъа
Ирс долуш вехийла, вехийла хьо г1оза

Припев x2

III.
Ахь йина ирсе со, ирс долуш хила хьо
Дерриге д1адийца дешнаш ца карадо
Хьоьх яьлла ма йиса сатуьйсуш со
Лур дара х1ар дуьне, ца яла хьох

Припев x2

IIII.
Ирс дуьзна хилийта, хилийта къегина
Дахаран вай некъаш хилийта дуьззина
Цхьа жима къонах ву кхуьуш вайшина
И доккха совг1ат ду цу Дала делла

Припев x2

Sist endret 24. juli 2021